Назам

Аватар автора
Китайские машинки эффектные
➖Салла 1алай ва салим , 1алайка я Мухьаммад , ➖Вай Элчана вазалла , Мел дицарах кхачор дац , ➖Дуьне 1алам кхоллале , Синош кхоьллир вай дала , ➖Цу синошлахь даз дина , Хьа са кхоьллир вай Дала , ➖Адам Пайхамар зуьретах , Хьа са дог1уш ма дара , ➖Пайхамари суьртеха , Хьо дуьненчу ма вели , ➖Раббиуль авваль бетти , Шийтолаг1чу ва буса , ➖Элчи дуьненчу вели Дуьне 1алам нур хилла , ➖1абдуллах1 ше да волуш , Нана Аминат йолуш , ➖Тайпа къурайши волуш , Я Мухьаммад Пайхамар , ➖Элчи винчу ва буса , Бага хье еш ма вара , ➖Улле вахна ла доьхчи , Дела хьехош ма вара , ➖Элчи винчу ва буса , И буг1айрат боху х1орд , ➖1аламат ша ва хилла , Ловзуш техкаш ма бара , ➖Элчи винчу ва буса , И кериста ва адам , ➖Сахиллалц ма дилхир , Шай хиш лекъна ц1ериш яйна , ➖Элчи жими ва волуш , Т1адам хилла вилхичи , ➖Делер омру ма хилир , Велха мегир дац аьлла ,

0/0


0/0

0/0

0/0