Валид ДАГАЕВ - Гечделахь, Нана

Аватар автора
Слова-Интроспекции
ГЕЧДЕЛАХЬ, НАНА Сан нана, хьо стенна ойлане йоьжна, Кийра хьан богу те гIалат сох доьжна? Резаеш, со цIергахь вага ву кийча, Дог а ду детталуш довхачу цIийца. Амма го хеназа къежбелла корта, Халонаш дахарехь лайна ахь шорта, Нана, хьан дикалла кхачаяц йийцарх, Дешнашца ларавац безам хьоь бийца. Хийла сох гIалатло йоьжна а хир ю, БIаьргех хи даллал дог Iовжийна хир ду, Делахь а, нана, сох къинхетам белахь, Дийлинчу гIалатийн хьесап ма делахь.

0/0


0/0

0/0

0/0