Арсанукаев Айнди

Вайн дайх дисина, бIешерашкахь къоман ламаст хилла лаьттина гIиллакх-оьздангаллин гурашкара цхьана гIиллакхах – керла доьзал кхолларан Iадатах лаьцна дийцира Итон-Кхаьллан кIоштан вахархочо Арсанукаев Iайндис. Цо къаьсттинчу тидаме ийцира, тIаьхьарчу шерашкахь зуда йалоран-йахийтаран гIиллакхаш. ТIеман шераш дIадирзина, маьршачу дахаре сатесна вай долчу хенахь, вайн къоман цкъа а ца хилла гIиллакх – зударий ийдор даьржинера вайн йукъараллехь. Делан къинхетамца, мехкан Куьйгалло дехкар бахьана долуш, и акха гIиллакх, зазадаккха ца ларалуш дIаделира вайна йуккъера. Ткъа карарчу хенахь, вайн дахар тодалар делахь а, йа вешан дайх дисина гIиллакхаш ца тоьуш, керланиш йукъадалон лаам совбаьллехь а, ваьш толаме доьлху а моьттуш эшаме даха девлла вай. Масала, Арсанукаевс дийцарехь, цунна дагадогIуш а, зуда схьайалочу неIаре тахана санна дукха божарий боьлхуш Iедал дацара вайнехан. Ткъа йоI маре йаха арайолучу цIентIехь и «новкъайоккхуш» да, деваша, ваша а ца хуьлура. Мах бан вогIу молла йа къеда велахь, уьш къаьсттинчу, зударий декъа боцучу меттехь тIеоьцура йоьIан верасо. Нускал дIадига йогIу зуда а, керлачу нускалан марваша а воцург, совнаха божарий ца хуьлура. Нускал эцна дIабахча, и зуда йалийнарг гуча ца волуш 3 де-буьйса а долура. Тахана гIиллакх-оьздангаллин некъаш гомха довлар халахеташ ду. Дахарехь цкъа бен ца хуьлу йалор-йахийтар бохуш, тахана санна, туркойн киношка хьоьжуш Iаш болчу зударийн карахь вайн къоман кхидолу а гIиллакхан-оьздангаллин Iадаташ дисахь, вайн...

0/0


0/0

0/0

0/0

0/0