Поделиться в MAX

Бисултанов Апти «НАНА»

НАНА Хьо ара ца йолуш йисичахьана Хьан lаса санна со цхьалха ву нана Хьо ламаз ца далуш йисичахьана Хьан ойла санна со шийла ву нана lуьйренан гlайгlа ю стигалан ами Суьйренан гlайгlа ю хьан беса лами Вахаран гlайгlа ю хьан къора уьйтlе Нана цу гlайгlанах со къаьстар вуй те Хьо ара ца йолуш йисина аьлла Вайн кетlа мел богlу некъ акхабаьлла Хьан сагlа юкъаха дисина аьлла Пlераска вайн цlенна пен бетта даьлла lуьйренан гlайгlа ю ков делла дезар Суьйренан гlайгlа ю хьох дисна дезарш Вахаран гlайгlа ю къаръелла зама Хала ду Нана и гlайгlа лан lама... Апти Бисултанов, 1987 шо

0/0


0/0

0/0

0/0

0/0