Хабаев Исмаил | Сан къоман иэс

Аватар автора
Замечательные истории известных людей
САЙН КЪОМАН ИЭС ДЕХА СОЬЦА... Соьца веха гIийлачу нехан дог эшош, Теркаца хьала-охьа ваьхна волу элашна ца гIуьтту эла Мусост шен олаллах вохийна волу Адин Сурхо. Соьца беха «дуьзна куьйра санна, набарна теIаш, аганан гIожа тIехь пхьаьрсан дуол туьйсуш айса хьуна баийна и хьена кIайн кхача экханан цIий санна, хьарам би ас хьуна, ахь хьуо ледара гайтахь» бохуш, кIентий мохк ларбан новкъабаьхна болу наной. Соьца веха Ушурма, мостагIа ца везаш, зу тIера баI санна шен дегIа тIера чо гIиттина волу. Соьца веха Дадин-Юрт йоккхучу дийнахь Iаьмаран Заза шена тIееъча, «хьешана диначу дуьхьаларчу оти чохь, баьрччехь шу а долуш, духхехь тхо а долуш, оцу хьайн цкъоцкъамийн багара буора ши бIаьрг ас сайга хьажабе аьлча, кхоьлина буьсур бу моьттура хьуна! Тахана хуур ду вайна кIант майра мила ву» бохуш, тур баттара а даьккхина хьийзина волу БахIадаран Муьстарг. Соьца веха Майртуьпара Оччар-Хьаьжа, I825-чу шеран июль беттан I6-чу дийнахь Герзель-Эвлахь къаной а гулбина, церан юьхь йохуш, осал къамелаш деш волчу инарла Грековс тIе а веана шен маж лаьцча, бос баьхьна, дукха оьгIазвахана, хьалаяьккхина шаьлта тоьхна ша волччохь и Греков а вожош, Лисаневич бохуш волчу инарлина а чов йина волу. Оцу 3I8 воккхачу стагах цхьаъ дийна ара а ца велира Герзель-Эвлара. Уьш берриш байъира. Соьца веха ЦIонтаройн ШоIип-Молла, хIокху махкахь хIора стага шен сий шен туьрца лардо баьхна волу. Соьца веха шен доллучу дахарца даккхийчу хьуьнаршна хьаштдерг дегI доцийла, са дуйла гайтина волу...

0/0


0/0

0/0

0/0