127. Духьа ламаз мух дан деза, из дича хIу йал хуьла ? Абу Халид.

Аватар автора
Молитвы, преображающие судьбы
? Духьа ламаз ? ☑️ Духьа ламаз дар вуно чIогIа деза а, мелехь а ду, вайн догIмийн хIора хIуттургах дала деза сагIа тIерадоккхург ду иза, хьадисехь деана ма-дарра. ▪️Куц: Дагахь духьа ламаз дан аьлла ният хир ду; Лаххара барам 2 ракаlат, лаккхара барам 8 ракаlат, хlора ши ракаlат дlадаьлча салам а луш. ▪️Хан: Малх схьакхеттачул тlаьхьа 10-15 минот яьлча дуьйна делкъа хан хила цхьа пхи минот йиссалц. ☑️ Духьа ламаз Пайхамара (ﷺ) лардарца весет дина ламаз ду. ▪️Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: “Сан доттагIчо (Пайхамара) суна весет дира кхаа хIуманца: хIора баттахь кхаа дийнахь марха кхабарца а, духьа ши ракаIат ламаз дарца а, сой дIавижале витр-ламаз дарца а”. Муслим: 721 ☑️ Духьа ламаз Деле боьрзучеран ламаз ду. ▪️Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ) элира аьлла: "Духьа ламаз лардийр дац даим Деле воьрзуш волчо бен, иза Деле боьрзучеран ламаз а ду”. Сахьи́хь ал-Жа́миI: 7628 ☑️ Духьа ламаз дар йоккха хIонс яккхарал деза ду. ▪️Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: “АллахIан Элчано (ﷺ) тIаме цхьа тоба яхийтинера, тIаккха цара йоккха хIонс еара, тIелатар дукха сиха а динера цара. Цхьана стага элира: “ХIай АллахIан Элча! ХIокху тобанал сиха тIелатар дина а, йоккха хIонс еана а кхин тоба гина яц-кх вайна!” АллахIан Элчано (ﷺ) элира: “Ас вийци шуна церал сиха тIелатар динарг а, кхин а йоккха хIонс яьккхинарг а? Эца ма-дезза дика ламаз а эцна, тIаккха маьждиге а вахана, цу чохь Iуьйра ламаз а дина...

0/0


0/0

0/0

0/0