Ас хьан чlабанех... (Бисултанов Апти)

Ас хьан чӀабанех гӀайгIа йуцур йу КIайчу говрана туьйра дуьйцур ду, Гуьйре тийжачу нохчийн аренгахь Дашо гӀаргIулеш новкъа йохур йу. Ас хьан бӀаьрхих цхьа илли доккхур ду, Йуьртан йисттехь цхьа ирзу доккхур ду, Муьрг цIийх Іеначу нохчийн хьаннашкахь Дуьне къинтIера сайна доккхур ду. Ас хьан бӀарлагIех гӀала йуттур йу, Хилларш, лайнадерш сица луьттур ду, Iаьно къарйинчу нохчийн йарташкахь Цхьа-цхьаъ дахарна дуьхьал хӀуьттур ву. Хаза хилла хьо кхин а хазлур йу, Цхьалла лайна со къинойх цӀанлур ву, Вайшиъ декъалдан, лаьттан Ӏаьнарлахь КӀайчу говро шен туьйра дохьур ду. Дашо гаргӀулеш цIехьа йоьрзур йу, Цара гӀабали хьуна йохьур йу, Бlаьсте йоьлучу нохчийн лаьмнашкахь Ас хьан чlабанех сайн ирс дуцур ду. Бисултанов Апти

0/0


0/0

0/0

0/0

0/0