Турпал ДЖАБРАИЛОВ - Даймахке Сатийсар

Аватар автора
Ecosystèmes épanouis
ДАЙМАХКЕ САТИЙСАР Чурт санна лаьтта со Гlум-Азин арахь, Тань-Шанан лаьмнашка бlаьрг тоьхча, кийрахь Генарчу Даймехкан сурт хlоттало, Малхбузе мел хьийжи дог lийжадо. Малх, буза бегийна, регlа лахбелча, Суьйре а, даш хилла, сайна язъелча, Ойлане дарц даьлла со араваьлча Даймахке вуссу со, язал жалала. Бераллехь хьийзинчу даккъашка вуссий, Ламанан арешка гlийла бlаьрг кхуссий, Хlиттинчу бlаьргаш чу сирла хиш дуссий, Даймахке хьоьжу со, язал жалала. Тезетехь техкаш го вайн бошмаш, хьаннаш, Гlайгlанех юьзна го тогlенаш, lаннаш, Дайн кешнаш доьхначохь упханийн аннаш Хьулдан да воцуш го, язал жалала. Вай дина ярташ го тишъелла, гlийла Го сирла шовданаш дай боцуш мийла, Вайн хьомсар вов-керташ каш санна шийла, Сов ирча карайо, язал жалала. Тlаккха со, дог духий, аьрцнашка волу, lийжачу кийрара мохь-цlогlа долу, Яьссачу тогlеша соьца мохь олу, lадавой воьрзу со, язал жалала.

0/0


0/0

0/0

0/0