Нохчийн туьйранаш / нохчийн дийцарш / аудиокнига на чеченском-«Борз а, цхьогал а, н1аьна а.”

Аватар автора
Lavish Luncheons
Нохчийн туьйранаш: «Борз а, цхьогал а, н1аьна а.» Цхьана лекхачу лаьмнашкахь, цхьа а ца 1ачу юькъачу хьаннашкахь, вовшах а кхетта, барзо а, цхьогало а, н1аьно а сацам бина, бах, цхьогало хьехар а дина, шахьар ян. — Муха ян еза и шахьар? Уггар хьалха х1ун дан деза вай? — аьлла, хаьттина барзой, н1аьной. Цхьогало аьлла: — Барзо хьуьнахара дечиг дахьар ду, аса стигала к1ур оьхуьйтур бу, ткъа н1аьно 1уьйранна, кхойкхуш, массо а самавоккхур ву. Т1аккха нахана юккъехь, вай шахьар йиллина, аьлла, даьржар ду. Шолг1ачу дийнахь борз хьуьнах яхана дечиг даккха, ткъа цхьогал, н1аьна схьалаца г1ерташ, цунна т1аьхьаяьлла. Н1аьна к1елхьараяьлла, амма цхьогалан багахь цуьнан ц1ога дисина. Схьакхаьчна борз, мор буьззина дечиг а дахьаш. И охьа а тесна, д1ахьаьжча, дитта т1ехь н1аьна гина цунна ц1ога а доцуш. — Ой, хьуна х1ун хилла? — аьлла, цецъяьлла борз. Н1аьно хилларг дийцича, оьг1азъяхана борз, цхьогална т1е а кхетта, цуьнан хаза деха ц1ога схьадаьккхина. Цунах дедда к1елхьарадаьллачу цхьогало мохь тоьхна, боху: — Вададай! Вай иштта вовшийн ц1оганаш ийзадахь, цкъа а шахьар йийр яц-кх вай! — аьлла.

0/0


0/0

0/0

0/0