Тоба дай кечло хьо... (назма с текстом на чеченском языке )

Аватар автора
Свежие угомы звездных тайнш
Вежарий, йижарий! Дала тобанца нисдойла вай. Пайдехь долчуьнг ладог1ар а, пайдаэцар лойла вайна Аллах1 Дала!!! Тоба дай кечло хьо… Г1айг1ане дуьненчохь ма ловзавуьйлу хьо Кхана хьайх хиндериг хьайна ца хуушшехь И Дела 1ожалла ша къайлах лелаш ю Тоба дай кечлолахь хьай Деле д1аверза. Дег1ана хаамаш шаьш хуьлуш ма лаьтта Хьан коьрта 1аьржа чо ша к1айлуш ма лаьтта Хьа дег1а меженаш шаьш г1еллуш ма лаьтта Тоба дай кечлолахь хьай Деле д1аверза Кховдийча куьг кхоччехь и валар ду хьуна Баьккхинчу кога к1ел каш-лахьта ду хьуна 1ожаллин буьллу мотт биллале ва хьалха Тоба дай кечлолахь хьай Деле д1аверза Ца йинчу 1амална кийрар дог делхадай Хьараме х1уманна хьай куьйгаш совцадай Вай Далла хьасталуш хьай б1аьргаш делхадай Тоба дай кечлолахь хьай Деле д1аверза Вежарех ва хаьдда дог иэшна висси хьо Жималла д1аяьлла дег1 иэшна висси хьо Готтачу лахьти чу виллале ва хьалха Тоба дай кечлолахь хьай Деле д1аверза Везачу Дела кхиэл т1екхаьчна ва яьлчи Сирлачу б1аьргаш т1е к1айн марха ва еъчи «Байттамал» бахарах хьо хьалха ца волу Тоба дай кечлолахь хьай Деле д1аверза.

0/0


0/0

0/0

0/0