[Ненан мотт] — Арсанукаев Шайхи

Аватар автора
Исключительные истории: истории знаменитостей
Ненан Мотт Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ, Хьуо винчу ненан мотт дIатесна ахь. «Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!» — Бохуш, и сийсазбан ца хета эхь. ЛадогIа цкъа соьга, «хьекъале корта», Ладогlа йаккхий дIа лергара потт: Йистйоцу хIорд санна, бу хьуна шорта Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт. ГIиллакхе, оьзда бу доттагIче буьйцуш, МостагIче вистхуьлуш — ду ира герз, Хьомечу йезаре безам ахь буьйцуш, Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз! Арсанукаев Шайхи

0/0


0/0

0/0

0/0

0/0